Чеченские загадки с ответами

Обновлено: 25.12.2024

Предлагаем вам отгадать загадки на чеченском языке. Попробуйте вместе дружно с семьей отгадать загадки. Ответы на загадки опубликованы в скобах. Желаем вам хорошо провести время вместе с родными и близкими.
Хетал-метал хаийл хьуна:

1. Биъ ловзуш берг, шиъ Iуттуш ерг, цхьаъ ластош ерг? (Етт)

2. ХьаргIа санна Iaьржа ю, маIа ю, ша сту бац, ялх ког бу, бергаш яц? (Чхьаьвриг)

3. Когаш а бац, тIемаш ду, хьоза санна бодуш бац? (ЧIара)

4. Горгли туху, сахьат а дац,
Са хилчи хоуьйту? (НIаьна)
Читать далее →

Следующая загадка

Предлагаем вам отгадать загадки на чеченском языке. Попробуйте вместе дружно с семьей отгадать загадки. Ответы на загадки опубликованы в скобах. Желаем вам хорошо провести время вместе с родными и близкими.
Хетал-метал хаийл хьуна:

1. Биъ ловзуш берг, шиъ Iуттуш ерг, цхьаъ ластош ерг? (Етт)

2. ХьаргIа санна Iaьржа ю, маIа ю, ша сту бац, ялх ког бу, бергаш яц? (Чхьаьвриг)

3. Когаш а бац, тIемаш ду, хьоза санна бодуш бац? (ЧIара)

4. Горгли туху, сахьат а дац,
Са хилчи хоуьйту? (НIаьна)

5. Лаьттахула текхаш бу,
Стаг тIе вуьтуш бац? (Лаьхьа)

6. Куьйгаш а дац, бел а яц, поппарх хIусам а йо? (ЧIегIардиг)

7. Хьуьн чохь а арахь а кетар ю лелаш? (УьстагI)

8. Ша шайх а вац, маж а ю? (Бож)

9. Лаьттахула лелаш а ю,
Стигал гуш а яц,
Узарш деш а ю цомгуш а яц? (Хьакха)

10. Шозза дуьненчу яьлларг? (Котам)

11. Шозза дуьненчу даьлларг? (Олхазар)

12. Леташ а яц, юсалой а лела? (Москал-нIаьна)

13. ЦIиэ ленаш долуш кIайн говраш? (ГIезаш)

14. Экха а дац, хьоза а дац,
ТIемашца гIотту, ю а Iутту? (Чуьрк)

15. Сайна лиъчи кхосса а ло,
сайна лиъчи къовза а во? (Сагал)

16. Биъ ког ирах а болуш
тховх кхозург? (Моза)

17. Шена бедар а ца йо, тукар а доцуш, маха а боцуш маша а бо? (Гезга)

18. Вайн тIорказчуьра дараза дарий? (Яхказчу кхела чуьра бекъа)

19. Хи йистера баьццара бохча? (Пхьид)

Следующая загадка

Предлагаем вам отгадать загадки на чеченском языке. Попробуйте вместе дружно с семьей отгадать загадки. Ответы на загадки опубликованы в скобах. Желаем вам хорошо провести время вместе с родными и близкими.
Хетал-метал хаийл хьуна:

1. Биъ ловзуш берг, шиъ Iуттуш ерг, цхьаъ ластош ерг? (Етт)

2. ХьаргIа санна Iaьржа ю, маIа ю, ша сту бац, ялх ког бу, бергаш яц? (Чхьаьвриг)

3. Когаш а бац, тIемаш ду, хьоза санна бодуш бац? (ЧIара)

4. Горгли туху, сахьат а дац,
Са хилчи хоуьйту? (НIаьна)
Читать далее →

Запись опубликована 18/06/2013 автором admin в рубрике Чеченский язык с метками загадки на чеченском языке, хIетал-металш, чеченские загадки, чеченский язык.

Следующая загадка


1АЛАМАН ХИЛАМЕХ, СЕДАРЧЕХ, БАТТАХ, МАЛХАХ, ЛАЬТТАХ, ХИХ ЛАЬЦНА ДЕРШ:

1. Х1ЕТАЛ-МЕТАЛ хаийла хьуна: букара е чуьра кегий жаг1а?*
2. Х1етал-метал хаийла хьуна: вайн бедана т1ера цаца буьззина г1улгаш?
3. Х1етал-метал хаийла хьуна: лахьо а ца терг, ласто а ца терг?
4. Х1етал-метал хаийла хьуна: мел дестарх а, хе ца хьуриг?
5. Х1етал-метал хаийла хьуна: тоьхча, туьро а ца хадориг?
6. Х1етал-метал хаийла хьуна: хи чу кхоьссича, буха ца доьдург; ц1ерга кхоьссича, дага ца догуш дерг?
7. Х1етал-метал хаийла хьуна: дуьненна го туьйсуш йола йорг1а Пет1амат?
8. Х1етал-метал хаийла хьуна: вайн ц1ийна т1ехьахула ч1ишаш лехьош йоьду Жоьра-Баба?
9. Х1етал-метал хаийла хьуна: ц1ергахь а ца йогу, хин буха а ца йоьду?
10. Х1етал-метал хаийла хьуна: вайн бедана т1ера ах сискал?
11. Х1етал-метал хаийла хьуна: 1уьйранна дог1у ц1ен куьйра, суьйранна дог1у к1айн леча?
12. Х1етал-метал хаийла хьуна: массо адамаша узуш болу етт?
13. Х1етал-метал хаийла хьуна: хуьл-хуьлуш - хингал, хилла даьлча, - хьокхам?
14. Х1етал-метал хаийла хьуна: бог1ам а ца х1оттош дина раг1о?
15. Х1етал-метал хаийла хьуна: массо а х1уманан беркат дахьаш вог1у хьаша?
16. Х1етал-метал хаийла хьуна: дуьненан массо а шун х1оттош вог1у хьаша?
17. Х1етал-метал хаийла хьуна: шарахь цкъа вог1уш волу беркат доцу хьаша?
18. Х1етал-метал хаийла хьуна: туьнталга йисте хиъна можа хьоза?
___________________________
*Х1окхуьнан а, кхин д1а долучу х1етал-металийн маь1на ца хуучунна иза карор ду тексташ чекхъевллачул т1аьхьа далийначу Билгалдаккхаран "Х1етал-металш" ц1е йолчу декъа т1ехь. Х1ета - х1уманна духе кхиа г1ерташ верг ву, мета - х1уманна духе кхаьчнарг ву (Хасиев С.-М.).


АДАМАХ ЛАЬЦНА ДЕРШ:

19. Х1етал-метал хаийла хьуна: 1уьйранна - биъ кога т1ехь, дийнахь - шина кога т1ехь, суьйранна - кхаа кога т1ехь?
20. Х1етал-метал хаийла хьуна: гонахь дечиг, юккъехь дилха?
21. Х1етал-метал хаийла хьуна: бухахь дилха, т1оьхлахь дилха, юккъехь дечиг?
22. Х1етал-метал хаийла хьуна: пхи шо кхаьчча, - буьхьиг, пхийтта - борз, шовзткъа - лом, б1е - котам?

АДАМИЙН ДЕГ1АН МЕЖЕНЕХ ЛАЬЦНА ДЕРШ:

23. Х1етал-метал хаийла хьуна: некъан дехьа-сехьа веха ши ваша?
24. Х1етал-мстал хаийла хьуна: дуьне хьох д1ахьулдеш долу девзиг?
25. Х1стал-метал хаийла хьуна: ц1ечу г1ожмаш т1е хевшина к1айн котамаш?
26. Х1етал-метал хаийла хьуна: сих-сиха т1етт1а боьду ши берд?
27. Х1етал-метал хаийла хьуна: цхьана г1айби т1е вижна волу пхи ваша?
28. Х1етал-метал хаийла хьуна: букъ-хьалха, гай-т1ехьа?
29. Х1етал-метал хаийла хьуна: вайи тхов т1ера деман гали?
30. Х1етал-метал хаийла хьуна: хаза дийцича, хаза йолуш, къаьхьа дийцича, къаьхьа йолу х1ума?
31. Х1етал-метал хаийла хьуна: ден-ненан дарба доцуш йолу цамгар?
32. Х1етал-метал хаийла хьуна: цхьанна дуьхьал воьду пхиъ?
33. Х1етал-метал хаийла хьуна: х1окху дуьненчохь хан мел йоккху ган йиш йоцу х1ума?

АДАМАН Т1Е-КОГА ЮХУЧУ Х1УМАНЕХ ЛАЬЦНА ДЕРШ:

34. Х1етал-метал хаийла хьуна: хьалаерзийча, - яьсса, охьаерзийча, - юьзна хуьлуш йолу х1ума?
35. Х1етал-метал хаийла хьуна: дийнахь сарралц - юьзна, са-хиллалц,- мецнаш?

АДАМАША ЛЕЛОШ ЙОЛЧУ Х1УМАНЕХ ЛАЬЦНА ДЕРШ:

36. Х1етал-метал хаийла хьуна: къеначу стеган говр?
37. Х1етал-метал хаийла хьуна: ши ког лергаш т1ехь, ша мерана т1ехь ехаш ерг?

ВАЙНАХА ЛОРУШ ДОЛЧУ Г1ИЛЛАКХЕХ ЛАЬЦНА ДЕРШ:

38. Х1етал-метал хаийла хьуна: туьканахь юхкуш а йоцуш, цхьана а заманчохь, ехча, лур а йоцуш, нахана юккъехь эша а оьшуш йолу х1ума?
39. Х1етал-метал хаийла хьуна: болатал ч1ог1аниг?
40. Х1етал-метал хаийла хьуна: массо а меттехь оьшуш йолу х1ума?

Ц1ИЙНАХ, ЧОХЬ-АРАХЬ АДАМАША ЛЕЛОШ ЙОЛЧУ Х1УМАНЕХ ЛАЬЦНА ДЕРШ:

41. Х1етал-метал хаийла хьуна: сарралц - ши мостаг1а, сарахь - ши доттаг1а?
42. Х1етал-метал хаийла хьуна: даима стигала хьала хьоьжург?
43. Х1етал-метал хаийла хьуна: т1ехь - ц1е, к1ел - хи?
44. Х1етал-метал хаийла хьуна: буйнал бен яц, амма ц1а серла доккху?
45. Х1етал-метал хаийла хьуна: ц1ога лаьцчий бен бедана чу ца боьдург?

Ц1ИЙНАН БАХАМЦА ЙОЬЗНА ЙОЛЧУ Х1УМАНЕХ ЛАЬЦНА ДЕРШ:

46. Х1етал-метал хаийла хьуна: малх санна къега, лаьхьа санна шерша?
47. Х1етал-метал хаийла хьуна: жима а ю, 1аьржа а ю, дата а ца лета, цергаш а ца юхку, амма керта а ца воуьйту?
48. Х1етал-метал хаийла хьуна: говрал лекха, ж1алел лоха?
49. Х1етал-метал хаийла хьуна: ког - ц1а чохь, корта - арахь?
50. Х1етал-метал хаийла хьуна: масийтта 1уьргахула чекхъоьккху илбаз?
51. Х1етал-метал хаийла хьуна: дерриг дуьне духа а духу, ша берзана а лела?
52. Х1етал-метал хаийла хьуна: ц1инц1алга текхо минцолг?
53. Х1етал-метал хаийла хьуна: буса доттаг1а, дийнахь тесна 1уьллу?
54. Х1етал-метал хаийла хьуна: хьуьнах корта биттан-биттана, ц1а а кхаьчна, - дижна 1уьллург?
55. Х1етал-метал хаийла хьуна: д1а - хьуна, схьа - суна?

СТОЬМЕХ, ХАССТОЬМЕХ, ДУУШ-МОЛУШ ДОЛЧУ СУРСАТЕХ ЛАЬЦНА ДЕРШ:

56. Х1етал-метал хаийла хьуна: цхьа корта, исс лерг, пхи даь1ахк?
57. Х1етал-метал хаийла хьуна: муш бахлуш, сту берсташ?
58. Х1етал-метал хаийла хьуна: букур бабина чуьра ц1инн1алг к1орнеш?
59. Х1етал-метал хаийла хьуна: ц1а дуьззина хьеший бу, чу-ара бовла кор-не1 дац?
60. Х1етал-метал хаийла хьуна: стиглахь куй а бисна, вог1уш верг?
61. Х1етал-метал хаийла хьуна: жимачу яй чуьра мерза даар?
62. Х1етал-метал хаийла хьуна: хинчохь беша т1улг?
63. Х1етал-метал хаийла хьуна: хилла яьлча, яа ца мегарг?
64. Х1етал-метал хаийла хьуна: лаьтта юьжуш, стигал г1оттуш, дег1 морг1ал шен хиллалц?

ХЬАЙБАНЕХ, ДИЙНАТЕХ ЛАЬЦНА ДЕРШ:

65. Х1етал-метал хаийла хьуна: йоьдуш йитина йоьдург, йог1уш яхьарг йог1ург?
66. Х1етал-метал хаийла хьуна: хинна т1ай,некъана - накъост.
67. Х1етал-метал хаийла хьуна: дийнахь - эла, буьйсанна - лай?
68. Х1етал-метал хаийла хьуна: к1айчу т1улгаш т1ехь 1уьллу палсан т1елхиг?
69. Х1етал-метал хаийла хьуна: хийистера къорза бохча?
70. Х1етал-метал хаийла хьуна: б1у-у боху, - буг1а а яц, латта охку - хьакха а яц?
71. Х1етал-метал хаийла хьуна: хи - дуьне, дуьне - эхарт?

ХЬАЙБАНЕХ А, Ц1АХЬ ЛЕЛОЧУ ДИЙНАТЕХ А ДОХУЧУ СУРСАТЕХ ЛАЬЦНА ДЕРШ:

72. Х1етал-метал хаийла хьуна: ц1ечу бердах детталуш долу к1айн дог1а?
73. Х1етал-метал хаийла хьуна: чудотта бертиг а, лаца т1ам а боцург?
74. Х1етал-метал хаийла хьуна: цхьана чарми чохь шина басахь хи?

ЙОЗАНАХ, КЕХАТАХ ЛАЬЦНА ДЕРШ:

75. Х1етал-метал хаийла хьуна: к1айн шаршу т1ера х1ун буьртигаш?
76. Х1етал-метал хаийла хьуна: к1айчу экъана т1ера 1аьржа сизаш?
77. Хетал-метал, хаийла хьуна: стиглара т1ай т1е йоьжча, ца юху, т1ай т1ера хи чу йоьжча, юху?

78. Х1етал-метал хаийла хьуна: дуьнен т1ехь йоцу пхи х1ума?
79. Х1орд ловза а баьлла, х1урдакема доьхна. Цу т1ера цхьа стаг х1урдо цхьана г1айре т1е юьстахкхоьссина. Оцу г1айре т1ехь шаберш зударий хилла, юкъахь цхьа а борша стаг а воцуш. И зударий ч1ог1а хаза хилла, цхьа а ирча ю аьлла билгалъяккха зуда йоцуш.
Зударша сацам бина и стаг, зуламе валале, ирахъолла. Цу стага зударшка цхьа х1ума аьлла. Зударша цул т1аьхьа ца вуьш витина и стаг.
Х1етал-метал хаийла хьуна: цу стага зударшка аьлларг?
80. Цхьа сту хилла бежаш. Ворх1 ломал дехьа кхевдий буц кхоллуш, вукха ворх1 ломал дехьа кхевдий 1ам чуьра хи молуш хилла иза.
Мичара ели а ца хууш мархашкара, лакхара, цхьа йоккха аьрзу еана. Катоьхна м1арашца и сту схьа а лаьцна, мархашка д1аяхна аьрзу. Лелаш, лелаш охьа а хиъна, сту баа меттиг лоьхуш хилла цо.
Т1аккха цхьа йоккха бож яйна цунна лаьтташ. Оцу бежан ма1аш т1е а хиъна, сту биъна цо. Сту биъна а яьлла, шен з1ок оцу стеран пханаран даь1ахках хьаькхна ц1ан а йина, и даь1ахк охьакхоьссина аьрзуно. Пханар доьжна наб еш 1уьллучу жа1уьнан б1аьрга. Цунах сама а ца ваьлла жа1у.
Аьрзу д1аяхна. Кхано сарахь ша жа а лаьхкина ц1а воьдуш, жа1уьнна шен б1аьрга яхана х1ума хааелла. Хьекхийна б1аьрг - д1ума схьа ца яьлла.
Ц1а веача шен нене аьлла цо:
- Баба, х1окху сан б1аьрга цхьа х1ума яхана, и схьаяккхахьа! Нанас схьаозийна х1ума, схьа ца яьлла.
- Вай, х1ара-м дер ю пханаран даь1ахк, - аьлла нанас.
Т1аккха лулахочуьнга кхайкхина нана. Шиммо а озийна, - схьа ца яккхаелла.
Исс эзар к1ур болуш йоккха юрт хилла иза. Г1аж такхол мел болу баккхийнаш а, бераш а гулбина, з1аьнаш а тесна жа1уьнан б1аьргара пханар схьадаьккхина. Шайн жа1у оцу балех хьалхаваларна баккхийбеш, оцу юьртахь болчу массо а наха сацам бина: исс эзар к1ур болу ерриг а юрт цу пханарна т1ехь йилла. Чехка шайн юрт пханарна т1е а йиллина, баха хевшнна нах.
Цул т1аьхьа цхьа тамашийна х1ума хааделла юьртахошна. Буьйсанна хьеран т1улг санна, хьийзаш хилла церан юрт. Х1ара х1ун ду-те аьлла, кегий нах юьртара арабахана буьйсанна, и х1ума ларъян. Хьаьвсича, гина царна, буьйсанна, цу пханари т1ера церг етташ жижгаш даха оьхуш цхьа доккха цхьогал хилар.
Шозлаг1чу буса оцу юьртахь топ йолуш мел волу 125 стаг ара а ваьлла, тоьпаш а йиттина, цхьогал дийна.
1уьйранна арабевллачу наха цхьогалан цхьан аг1о т1ера ц1ока яьккхина. Оцу исс эзар к1ур болучу ц1ийнах мел волчунна цхьогалан ц1оканах цхьацца кетар хилла.
Вукха аг1ор цхьогал даккха а ца делла, ц1ока т1ехь йисна.
1уьйранан заман чохь хи т1е йог1уш хилла цхьа къена Жоьра-Баба.
- Х1ара яра х1окху юьрте а т1ек1ел ца яккхаелла цхьогалан к1орни? - аьлла, Жоьра-Бабас, чамий а 1оьттина, цхьогал вукха аг1ор даьккхина:
- Сан кхо шо кхаьчначу к1ентан к1антана кетар хир ю кху-нах, - аьлла, бабас цхьогалан йисна ц1ока схьаяьккхина.
Шен к1ентан к1антана кетар йина бабас, амма пхуьйшашний, кетаран кочаний ц1ока ца тоьъна.
Хаал оцу йийцанчех муьлха йоккха хилла: сту, аьрзу, бож, жа1у, цхьогал, Жоьра-Баба, я цуьнан к1ентан к1ант?
81. Цхьа жима стаг хиллера бах, хьошалг1а вахана. Синкъерам бина хилла цунна. Синкъерамехь 1аш цо йо1ана т1е хабар дахьийтина.
Йо1а жоп даийтина хилла, ирча ву аьлла.
К1анта йо1е хаттар динера:
- Вала дисина цхьа сахьт бен хан а ца хилча, киснахь цхьа сом бен ахча а ца хилча, барх1 лам битина иссалг1ачу лома т1ехьа а ваьлла, дашо г1ала ян езаш волчу к1анта х1ун дан деза, - аьлла.
Йо1ана ца хиъна нийса дош дала.
Х1етал-метал хаийла хьуна: оцу к1анта деллачу хаттаран маь1на?
82. Цхьа кхо к1ант хилла цхьа йо1 езаш. И йо1 ялон дагахь арабовлу уьш. Х1орамма цхьацца совг1ат кечдина хуьлу цара йо1ана дала. Цхьамма - чухьаьжча, дуьнен т1ехь мел хуьлуш долу х1ума гойтуш долу куьзга, вукхо - сихха д1акхачош болу куз-кема, ткъа кхозлаг1чо - массо а цамгарх стаг товеш болу 1аж.
Новкъахь хьалхарчуьнан куьзган чу хьаьжча, тайна езаш йолу йо1 лен цамгар кхетта гина царна. Т1аккха шолг1ачу к1ентан куз-кемана т1е а хевшина, сихха и йо1 йолча д1акхаьчна к1ентий. Кхозлаг1чу к1ентан 1аж а белла, тойина йо1.
Т1аккха йо1а, совг1атийн мехалле а хьаьжна, царах цхьаъ къастийна.
Х1етал-метал хаийла хьуна: муьлхачуьнга яхана и йо1?
83. Говрахь схьавог1уш цхьа стаг хилла, т1ехьа цхьа йо1 а хаийна.
"Хьуна т1ехьа 1аш ерг мила ю?" - аьлла, шега хаьттича, цо жоп делла:
"Кхуьнан наний, сан наний - нус-марнаний хилла".
Х1етал-метал хаийла хьуна: и йо1 мила хилла?
84. Чу вог1уш цхьаъ хилла, араволуш цхьаъ хилла. Чувоьдучо аьлла: "Х1ара г1ала хьена ю хаьий хьуна?". Вукхо жоп делла:
"Х1ара-м сан ден яра, амма со цуьнан к1ант-м вац".
Х1етал-метал хаийла хьуна: оцу хаттарна жоп делларг мила хилла?

Перевод чеченской сказки на русский язык: Ловкий парень.
Текст сказки на чеченском языке. Нохчийн Туьйранаш: Каде кІант.

Каде кІант
Ши бер а кхобуш, йисина Іаш хилла цхьа зуда. ЙоІ а, кІант а хилла цуьнан. ЧІогІа гІийла, миска хилла тІехь да воцу и доьзал. Цкъа а буззалц яа сискал а, я дегІ дIахьулдеш тІеюха цІена бедар а ца хилла церан. Ши бер доккха хилла, амма къелла дІайолуш ца хилла. Цкъа цхьана дийнахь кІанта хаьттина шен нене:
– Нана, и ирс бохург хІун ю? – аьлла. Читать далее →

Запись опубликована 10/05/2013 автором admin в рубрике Сказки на чеченском языке, Чеченский язык с метками аудио-сказки, нохчийн мот, сказки на чеченском, Туьйранаш, чеченский язык.


Читать далее →

Запись опубликована 07/10/2012 автором admin в рубрике Сказки на чеченском языке, Чеченский язык с метками нохчийн мот, сказки на чеченском, скачать сказки, Туьйранаш.

Открыть Учимся считать на Чеченском языке до 20 во весь экран
Если у вас не работает флэш, значит вам нужен Flash Player.

Запись опубликована 01/04/2012 автором admin в рубрике Математика, Цифры, Чеченский язык с метками онлайн игры, учим чеченский, цифры, цифры на чеченском, чеченский язык. Запись опубликована 28/02/2012 автором admin в рубрике Чеченский язык с метками Chechen alphabet, онлайн игры, соедини точки, учим буквы, чеченский алфавит, Чеченский сайт, чеченский язык. Запись опубликована 01/02/2012 автором admin в рубрике Чеченский язык с метками детские книги, интересные книги, цифры, цифры на чеченском, чеченские книги, чеченский язык. Запись опубликована 05/01/2012 автором admin в рубрике Раскраски, Чеченский язык с метками исламские раскраски, мусульманские раскраски, онлайн раскраски, раскраски для детей, раскраски мечети, раскраски онлайн, цвета, чеченский язык. Запись опубликована 27/12/2011 автором admin в рубрике Сказки на чеченском языке, Чеченский язык с метками сказки, сказки на чеченском, Туьйранаш, чеченский язык.


Читать далее →

Следующая загадка

ТЕПТАР вернуться к странице

ТЕПТАР запись закреплена

ЗАГАДКИ НА ЧЕЧЕНСКОМ ЯЗЫКЕ

ХIетал-метал хаила хьуна:

Сискал хилча шех,
Тхов тIе доккху дегI.
Хингал хилча, и
ГIоьрта стигла ирх.
КIолдан межарг бу,
И схьакхетахь малх.
Алал, и хIун ю,
ТIаккха соьга ахь?

Читайте также: