Сох муха эр дара адам стих

Обновлено: 07.07.2024


Доьлхучохь бер дитна –
Сайн хьаште дIахьадахь,
Юьртан хьашт кIелдитна –
Сайн гIуллакх хьалхадахь,
Неханиг тIаьхьатитта
Ас дагчохь бахь сацам,
Сох муха эр дара адам.

ГIамаран аренгахь
Латтанаш лелхачохь,
Хи доцуш, туй багахь
Лекъна, мотт бестачохь,
Накъостах лачкъабахь
ТIаьххьара хин тIадам,
Сох муха эр дара адам.

Къелло, йиш йохийна,
БIаьрзе суо идаварх,
Мохо тхов бохийна,
ДогIнехь суо висарх,
Мисканиг тевина,
Ца хьастахь, беш тидам,
Сох муха эр дара адам.

Лулахойн цIа даьгча,
Сан кийра ца багахь,
Нехан мохк бегийча,
Сан дог ца дегадахь,
Ца хеташ бен дагахь
ТIеэцахь и хаам,
Сох муха эр дара адам.

Соьра гIо оьшучохь
ДIахьаббеш бIаьргаш,
Соь орцах кхойкхучохь
ДIакъовлуш сайн лергаш,
Со Iахь сайн тоьли чохь,
Сайх айса беш тоам,
Сох муха эр дара адам.

Цхьана денна соь ехна
ДоттагIчо нуьйр яьхьнехь,
Амма, хиэ дIабаьхьна,
Дин байна и виснехь,
ХIетте, нуьйр юхаезна,
Ас цуьнга бахь кадам,
Сох муха эр дара адам.

Сайн цхьа пIелг лазийча,
ГIайгIане со вожахь,
Кхечуьнан гIогI дойча,
Лере а ца охьахь,
КIант вийна да гича,
Ца хилахь бан кадам,
Сох муха эр дара адам.

Шина вешин барт боьхча,
Суна вас ца хилахь,
ЙоIана дас тоьхча,
Сан дог ца Iовжадахь,
Ткъа, бертахь уьш гича,
Ца хилахь синхьаам,
Сох муха эр дара адам.

Халла схьакарийна,
Сай эххар гахь хьуьн чохь,
Амма шен кIорнина
Цо накха луччохь,
Хьарам топ хьажийна,
Ас цунна бахь цатам,
Сох муха эр дара адам.

Халкъо сайх тешийна
Беркат ас ца лардахь,
Сайн пайда эшийна,
Ас и ца дебадахь,
Халкъачух, даггара
Ца хилахь сан чидам,
Сох муха эр дара адам.

Читайте также: