Нохчо ву со стих

Обновлено: 25.12.2024

Нохчо ву со,
нохчийн зудчо борз ехкинчу буса вина,
ЦIоькъа-лоьмо шен маьхьарца
Показать полностью.
вижинчуьра гlаттавина,
Нанас иллин накха белла,
илли ала векалвина,
Нохчийн маттах, нохчийн махках
берахь дуьйна дозалдина.

Нохчо ву со,
Лермонтовна тlеман кlуьрлахь хийла гина,
Топ кхетарна цунна кхоьруш,
сайн Даймехкан сий лардина,
Сайн хьешана мерза кхача,
деган йовхо ца кхоийна,
Мостагlчунна, бекхам боцyш,
цхьа а зулам ца дитина.

Нохчо ву со,
маршо къуьйсyш, Даймахкаца тоба дина,
Цунна ямарт, осал хетарг,
къа ца хеташ, сайх хервина,
Сайн ден дакъа, цlе-кlур доцуш
ца дисийта юкъ йихкина,
lазап хьоьгу лай хуьлучул,
летта, вала резахилла.

Читайте также: