Ненах лаьцна хаза дешнаш стих

Обновлено: 24.12.2024

Касумов Сайдмохьмад

Замано мехашна дуьхьала хьош,

Да волчу к1антана –м ца эшна дош.

Ша цхьалха висахь цкъа йочано хьош

Лоьхур ду к1анта-м, дас мел аьлла дош.

Кху гуларна т1ехь уггаре мехала а, дика яздина дерг дех, ненах, лаьцна язйина стихаш ю. Дега, нене, ненан матте болу безам дагчохь, ц1ийх-т1амарх боьлла хила беза муьлххачу къомах волчу стеган а. Делахь а, хазчу, шатайпанчу аьхначу дашца и безаш бийцар а дац к1еззиг хьуьнар. Касумовс шен ден а, ненан а безамна язйина стихаш суна кхиам хета. Царех дукхахъерш фольклоран мукъамехь язйина а йолуш, еша атта, амма ч1ог1а дагах кхеташ, дешархочун синойланаш хьаеш хир ю аьлла хета суна. Вайна массарна а гергара долчу адамех (дай-нанойх) аьлла дош цкьа охьахиъна а, атта а аьлла хир дац поэта. (Цу стихийн ц1ераш ю: «Да кхелхаш», «Нанна сахьийзар», «Нене», «Ден, ненан тешаш», «Къосуман Шахмирзин илли. » иштта д1.кх.).

Хаза дешнаш аьлла поэта г1иллакхах, оьздангаллех лаьцна.

Дерзош,шен «теманийн кочар шорделлачу» поэте Касумов Сайдмохьмаде ала лаьа:

Аьхна хуьлда, Сайдмохьмад, хьан поэзин болар т1ейог1учу заманахь а!

Гайтукаева. А.

Сайдмохьмад кхуьуш дуьйна хьиина, ц1ена кхиъна бер ду. Суна къаьстина дукха везаш ву иза. Хийлаза со тхайн да ваьхна керта йог1уш сан дог эцна ваша ву иза. Атта дац ден кхерч ларбан, шен ден ц1е лело а. Со даимна а тешара Сайдмохьмадан дикаллех. Сайна готтара а ч1ог1а хала хилча иза сайна улохь хилча сапарг1ат хуьлура со.

Хьалимат (Умхаджиева)

Сайдмохьмад ясле а вигий, соьга ц1ахь дан деза г1улакхаш де олий балха йоьдура тхан нана Кхокха. Иза ясле а вигна, со ц1а кхачале, водий т1аьххье, суна ц1а кхочура Сайдмохьмад.

«Со ма вигахь ясле, вайн урамехь ловзуш 1адда витахь со!», – олура Сайдмохьмада.

Сайдмохьмад оха, рог1рог1ехь туьйранаш а дуьйцуш, юккъе а вижавой, хенаш хьора. Оха шена дийцина туьйра, шега юха дийцийта бохуш, хуьлура и.

Тхан дас ша Къур1ан доьшуш г1овг1а ца хилийта тхо ша волчуьра ара дохура. Сайдмохьмад, маьнги т1ехь вахлой д1а а вуьжий, ч1енгин к1ел ши куьг а дуьллий, цуьнга ла доьг1уш 1ара. Иза чохь сецча, дас х1умма а ца олура.

Читайте также: