Люба арсалиева стихи на чеченском
Обновлено: 25.12.2024
ХIокху лаьмнийн хIора тIулг а,
ХIокху лаьмнийн хIора чурт а,
ХIора Iин а, хIора тарх а,
Кхузахь кхета хьаьгна малх а.
Херцаршна тIебоьду некъ а,
Маьлхан кешнех юьзна хьех а,
Кхайкханза мел дисна аз а,
Шарбанза мел бисна барз а,
ХIокху мехкан хаьдда кхоллам,
ХIора юрт а – иэсан хIоллам,
ХIокху лаьмнийн боккха бахам –
ТIулгийн бIаьвнийн шира дахар,
Къаночуьнан къена хьехарш,
Къоначеран сийлахь декхарш,
Къинойх цIенчу берийн гIайре,
Хино яьхьна йоьIан къайле,
ХIокху лаьтта ас ког ловззалц,
Кхузахь суна сайн са довззалц,
Кхузахь хилла йоцу цкъа а,
Суо кху лаьмнийн хетча дакъа,
Дагна, Iеткъаш, даз мел делларг,
Сан Даймахкахь хилларг-лелларг,
ТIамарх доьлларг, цIийца ийнарг,
Самадолу-кх хIокху дийнахь.
Читайте также: