Апти бисултанов стихи на чеченском
Обновлено: 24.12.2024
Х1ац1и – биц1и – биц1ахь – ц1улга
Хьан дог ма ду шагат1улган
Цо дуй биъна сох ца кхета
Сан сингаттам дош ца хета
Х1ац1и – биц1и – биц1ахь – ц1улга
Хьан дог ма ду шагат1улган
Х1ац1и – биц1и – биц1ахь – ц1улга
Сан дог ма ду шагат1улган
И ч1аг1делла хьох ца кхеташ
Хьан кураллаш дош ца хеташ
Х1ац1и – биц1и – биц1ахь – ц1улга
Сан дог ма ду шагат1улган
Хьарам – барам – ц1ело – г1ело
Дегнаш ду вайн карахь лелош
Цкъа вай вовшийн дуьхьалкхетахь
Я эвхьаза я эхь хеташ
Цкъа хьан куьйгах сан куьг кхетахь
Я сан куьйгах хьан куьг кхетахь
Х1ац1и – биц1и – биц1ахь – ц1улга
Зулам хир ду шагат1улгех
Х1ац1и – биц1и – биц1ахь – ц1улга
Шагат1улго шагат1улгах
Суй баккхарна кхерам беца
Даькхнаш санна йокъа лайна
Кхарзаделла долчу вайна
И цхьа суй а тоьур беца
Кхетта сенчу ц1арах дага
Ишта х1ара дуьне даго
Х1ац1и – биц1и – биц1ахь – ц1улга
Дегнаш ду вайн шагат1улган
Хьарам – барам – ц1ело – г1ело
Зулам ду уьш карахь лелор
лахь
тата
шах -
тата
хуьлуш
хилла
дуьлуш
хилла
хено
куьйгаш
къена
куьйгаш
юьлуш
хилла
дуьхан
чов а
хуьлуш
хилла
туьха
овкъарш
иза
йила
мега
г1ирс
иза
хилла
деган
ирс
г1алди
булди
хьалде
хьулди
воьдург
воьду
вуьсург
вуьсу
хьан
ц1е
яра
лоппарг
санна
багахь
лелон
хьан
ц1е
яра
поппар
санна
дагахь
г1ело
хьийна
поппар
сийна
лоппарг
хьан
ц1е
яра
хан
ц1е
яра
дуьне
дагош
уьне
дагош
хан
ц1е
яра
хьан
ц1е
яра
ас
и
дагахь
хьулйи
т1аккха
ас
и
дагахь
гулйи
т1аккха
дайн
мел
хилла
сайн
мел
хилла
г1ирс а
ирс а
тхов а
чов а
кхолламаш а
х1олламаш а
кхин
мел
дерг а
кхин
мел
дерг а
г1алди
булди
хьалде
хьулди
воьдург
воьду
вуьсург
вуьсу
г1енахь
г1ан а
хенахь
хан а
хенан
к1ур а
г1енан
х1ур а
хена
к1ур а
ира
з1ок
ерг
ира
з1ок
берг
хьелахь
х1ора
деза
аз а
хьелаш
г1ора
беза
барз а
ч1аг1
луш
лаьтта
мах
луш
лаьттан
х1ора
цинцах
хенан
Далла
г1енан
Далла
ларбийр
бара
ас
и
х1инца
дагалеца
дагалецам
бен
ца
хирриг
дагалецам
бен
ца
хирриг
х1ора
1ора
лар
йийр
яра
ас
кхин
синц1а
бисмилла а
деса
хирриг
Бисимилла а
Еса
Хирриг
г1алди
булди
хьалде
хьулди
воьдург
воьду
вуьсург
вуьсу
Охунех тера ю
Хьан куьйгийн берчаш
Хаддаза къахьоьгучуьра
Цхьана м1аьргонна уь севцича
Хьан куьйгаш т1ехь ялта дер дар-кх Нана.
Суна гина
Ахь кана эцна долу б1аьстенан доь х1у
Хьан куьйгийн хершнашкахь худалуш
Б1аьрхишца дашош
До1анашца дакъош
Лелорна хир ду-кх хьан куьйгаш ишта
Со кхоьру Нана
Хьан куьйгаш т1ехь
1ожаллин ялта даларна
Кхин цкъа а додамаххий д1аьндаргаххий
цкъа сан куьйган хьажо-п1елга т1ера
сан ирс лаха додам г1аьттинера
ткъа мостаг1чун хьажо-п1елга т1ера
сан дог лаха д1аьндарг г1аьттинера
ткъа и додам сан ирс карадале
массеран а ирс карийна яьлла
ткъа и д1аьндарг сан дог карадале
суна везаш мел верг вийна яьлла
додам додам хьо ма хераяьлла
хьоьга хьежна со б1арзвелла хьуна
д1аьндарг д1аьндарг хьо ма акхаяьлла
хьоь ладег1на со къарвелла хьуна
бакъ дуй техьа шуьшиъ вовшахкхетта
цхьанхьа цхьана яха хиъна бохург
1ожалла и сан ирс хиларх кхетта
аш шимма а со вицвина бохург
хаьа суна д1аьндарг кхочур юйла
елсаманен бос а болуш шеца
хаьа суна ц1ий и басар дуйла
сарташ дахка йиш а йолуш шеца
.
.
хаьа суна додам кхочур юйла
сан ирсаца сан коша т1ехь сеца.
Нохчийчоь
беттаса схьакхийти эзар шо хьалха
кхеташ ма-хиллара г1айг1ане цхьалха
адамаш чудирзи эзар шо хьалха
дерзаш ма-хиллара даха я кхалха
Нохчичоь латта хьо серлонан х1ордах
эзар шо даьлча а яха ца к1ордош
мостаг1а вог1ур ву дуьсур ду диерташ
дуьсур ду хьан лекха ойлане биердаш
хьаша=да вог1ур ву юьсур ю марзо
и марзо елхайо хьан ломахь барзо
г1елашна г1ерг1ачу курачу сайно
ц1е йоцчу коша т1ехь даьллачу стайно
и марзо елхош ду сан х1ора дош а
хьан дато некъаш а момсарийн бос а
Нохчийчоь латта хьо серлонан х1ордах
эзар шо даьлча а яха ца к1ордош
со кхуззахь вина ву тийналлин к1оргехь
хьан сина тийжачу кхокханан к1орни
пен боцчу х1усамехь тхов боцчу кхерчахь
да воцуш кхиъна со хьан ц1арах хьерчаш
хьан б1аьвнийн херцаршлахь бецан хал санна
хьан серло тергалъян ма дезна сан а
хьан стиглахь аьрзунан мохь санна шийла
со а д1авовр ву цкъа тийналлех ийна
Нохчийчоь латта хьо серлонан х1ордах
эзар шо даьлча а яха ца к1ордош
тхо девлла д1аг1ур ду дуьсур ду дешнаш
дуьсур ду хьан хаза хьан оьзда кешнаш
буц йолу буц юьжу ойлане баьрзнаш
вог1учун воьдучун до1анийн аьзнаш
хьан херцарш юьсур ю да воцуш велха
дуьсур ду хьан стиглахь аьрзунийн хелхарш
юьсур ю назманаш зикарийн шовкъаш
юьсур ю тхан дагалецамийн овкъарш
хьо йиса Нохчийчоь серлонан х1ордах
эзар шо даьлча а яха ца к1ордош
дашочу даточу г1аланийн меха
телефон х1усам ю со хьоьца веха
дика ду-кх не1 йоцуш къаьсташ т1екъовла
дика ду-кх тхов боцуш я пенойн къовларш
дика ду-кх хьо йолуш дуьненахь цхьанхьа
сан шераш дуучу лазамал цхьалха
сан вист цахиларан йилбаз-мохь санна
сан каш цахиларан уппаг1а санна
дика ду-кх хьо йолуш иштта д1а цхьанхьа
ас хьайх мел кхуллучу ойланел цхьалха
дика ду-кх дош доцуш даздина лело
дика ду-кх гар доцуш къастаран г1ело
довзаран харцлеро вай 1ехор доцуш
дуьненан тептарш т1ехь вай хьехор доцуш
серлонан боданан доза ду аьлла
дика ду-кх цхьалла вайн мах бина яьлла
Зорба тоьхна:
Поэзин жайна. Тбилиси. 2010 шо.
Х1усаман 1алашо йоцуш
И т1улгаш т1ек1ела дихкинарг
Г1иртина шен цхьаллех кхета
Со иза хууш ву сайн дайша йиначу х1ора а б1евнах
Со иза хууш ву Нохчийчохь гиначу дуьххьарчу б1аьвнан
Х1ора а кора т1ехь х1ора а не1ара т1ехь
Харцахьа баьккхина гуо гичахьана
Ширачу сан дедас зайлаца т1улга т1ехь бинаберг
Цкъа Шемахь бийцинчу шен седа-жайнанан маттахь
Ваалар а валар а вахаран гуонан цхьа ц1онга ду аьлла
Т1адамах кхоьллинарг т1адаме воьрзур ву аьлла
Гуо - иза цхьалла ю, цхьалла и маршо ю аьлла
Шен гуонах кхеттаверг дуьненан къайленех кхетар ву аьлла
Ч1уг карчарх кхеттаверг дуьненан хазаллех кхетар ву аьлла
Х1усаман 1алашо йоцуш
И т1улгаш т1ек1ела дихкинарг
Г1иртина шен цхьаллех кхета
Ткъа гидо-м боху уьш ю алха цхьа декорацеш
Нагахь и бакъ делахь
Даима Моцартах цецвийлла воллу
Со х1унда 1ехаво кху сарахь эчиган цаьпцалго
Цкъа сайна дуьххьара евзича санна
Угаре а хаза олхазарш
Х1ораза 1уьйренан ламазан хенахь декаран къайле
Я х1унда сапарг1атдели сан
Т1ебоьжна тхов хьала айбича санна
Хьала а г1аьттина д1о г1анта т1ера
Цхьа адам д1адоладелча
Доллучу дахарехь ерриг а пачхьалкхан харж йойуш
Херцарех х1оккхузахь г1ург1езийн руьйта Neuschwanstein а йина
Паччахьалин г1уда текхна а ваьлла
цхьаллин гуо буьзначу буьйсана
борз ехкаш дуьненчу ваьлла
Нохчо со хиларна
Ларт1ера ваьллачу Людвигна г1ург1езаш езаран бахьанах кхетта
Вала д1авоьдуш верг со волуш санна
Сел лехарх карош ца хилла
Нохчийчу боьду некъ ц1аьххьана схьагича санна
Нохчийчу боьду некъ
Ларамза хиллачу 1ийданех йисина нехаш
Ларамза хиллачу марзонех йисина ченаш
Цхьанхьа д1акхоьхьуче
Делера хиллачу 1ийдане
Делера хиллачу марзоне
Эзарнаш шерашкахь Шемера Кавказе кхаччалца некъ беш
К1адъелла йижначохь наб кхетта йисначу эмкалийн ковранах
Ас лаьмнаш олуче цханхьа
Мостаг1на юьхь-дуьхьал х1оьттича
Берриг а букъ т1ехьа лаццал бен боцучу махкахь
Мачаш т1е йиллина чан а
Ялсаманен басах лепачу
Нохчийн муджахидо ког биллал йисначу меттигах
Ас Даймохк олуче цханхьа
Дуьненан историн ц1онганехь лаьттачу
Цкъа а со шена т1ех1оьттина воцучу
Сайн ненан кошана уллохь
Сайн ц1онга суна схьакарадийр доллуче цхьанхьа
Х1усаман 1алашо йоцуш
И т1улгаш т1ек1ела дихкинарг
Г1иртина шен цхьаллех кхета.
Читайте также: